В гостях  у   Ясмины
[ Личные сообщения() · Новые сообщения · Участники · Правила форума · Поиск · RSS ]
  • Страница 1 из 1
  • 1
Забарийн агIo
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:22 | Сообщение # 1
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Хьуьжарехь

ТIаьхьий, хьалхий ши де даьлла Эсарт хьуьжаре ца вогIуш.
КхоалгIачу дийнахь моллас хаьттина:
— Хьо стомара хьуьжаре хIунда ца веанера?
— Тхан нанас хеча йиттинера сан, — аьлла Эсарта.
— ТIаккха селхана хIунда ца веара хьо? — хаьттина моллас.
— Селхана со вогIуш вара. Шу кетIа кхаьчча, дIаоьллина хьан хеча а гина, юхавирзира со, — аьлла Эсарта.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:22 | Сообщение # 2
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Хьан х1ун бала бу!

-Д1огахь зуда елла ма бах, — аьлла Чорега.
-Сан х1ун бала бу цуьнца, — жоп делла кхо.
-Хьан зуда ю ма бах и, — аьлча,
-Хьан х1ун бала бу цуьнца, — аьлла Чорас.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:22 | Сообщение # 3
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Хьанах теша хьо?

Цхьана дийнахь лулахо веана Молла Эсарте вир еха.
— Жимма тIаьхьа виси-кх хьо, хIинцца хьол хьалха веанчо йигира-кх и, — аьлла Молла Эсарта.
Оцу минотехь божал чохь йолу вир Iаьхха.
— Пуьташ ботта эхь ца хета хьуна, Молла Эсарт? Божал чохь Iоьхуш хезаш ма ю и, — аьлла лулахочо.
— Ма тамашийна стаг ву хьо. Сох теша хьо я сан вирах? — аьлла Молла Эсарта.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:23 | Сообщение # 4
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Шена ваккхар

Молла Эсартан да-нана холчахь хилла, несо кертахь долчу гIуллакхах куьг ца тухуш, чохь нуй-горгам ца хьокхуш, юучун гIайгIа ца беш а.

— Зуда ялийна доьзалхо шена воккхуш ма хуьлу. ТIаккха шаьш лаха дезий, шаьш динарг бен хир доций а хуур ду. Бов ваккха, — хьехар дина лулахоша.

Суьйрана Молла Эсарт, нус чу а кхайкхина, царна луш йолу пхьегIа, шинар, эса, котам, бад ягар а йина, оцу даьхнин дола дан дезар дуйла а хаийтина, шайх дIакъастош, бов даьккхина дас, нанас а.

Iуьйрана котамаш, эсий а аралахка уьйтIа яьллачу несана, ламаз оьцуш йоллучу марненах бIаьрг кхетта.

— Ви-и, ма шена яккхар а ду, уьйтIа яьлча марнана а гуш, — аьлла цо.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:23 | Сообщение # 5
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Ваха хаар

Зуда а ялийна, мелла а цIен тIе ойла йирзина Молла Эсарт, цхьана базара дийнахь вир ялош веъна. Ваха хаа дагахь.
— Хьажал, зуда, ас биначу мехе, — аьлла цо дозаллица.
Лоха а йолуш, доккха ши лерг, раз бергаш а йолуш вир ялош хIара цIавеъча:
— ХIунда эцца ахь вир? Цо ойург ас ца айарна кхоьрура хьо? — аьлла, ахIи-декъехь йилхина Молла Эсартан зуда.
Цул тIаьхьа аьлла ду Молла Эсарта:
— Вир а даьхни дац. Зуда а нис ца елча дан хIума дац.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
  • Страница 1 из 1
  • 1
Поиск:

Jasmina.at.ua All Rights reserved  © 2025 Сделать бесплатный сайт с uCoz