Седанан илли
| |
Зезаг | Дата: Вторник, 30-Июн-09, 14:50 | Сообщение # 1 |
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
| Иллин ницкъ Москварчу «Россия» кинотеатрехь дIайоьду нохчийн а, оьрсийн а эстрадийн артисташа хIоттийна концерт чекхъяла герга яхнера. Концертан программа ерзош, сцени тIевелира Нохчийн Республикан халкъан артист Усманов Iимран. Хаза назма санна, даггара алалуш долу илли долийра цо. ХIокху халачу дуьненах оьзда, хаза чекхваьллачу къаночун болар санна, зал чуьра хIораннан даг тIе паргIат некъ беш, тамехь мукъам бара иллин. Ойлане ваьлларг дай баьхначу нохчийн ярташка цIаверзош, цхьа мерза, цхьа гергара илли: «Нанас берахь дуьйна Суна хьо марздина, Хьоьга дагара дуьйцуш Хийла, ойла йина, Сан дай баьхна латта Сан ирс долу Даймохк, Ахь кхиийна Ахь стаг вина Со новкъа велира...». Зал адамех юьззина яра. ЛадугIуш Iачу оцу нехан цIахь, Нохчийчохь, хIинц-хIинца бен еттачуьра яккхий тоьпаш а, бомбанаш а севцца денош дацара хIетахь. Иллин хьалхарчу могIанашца ша-ша гIоттуш, зала чуьра дерриг адам а гIаьттира. Доьлхуш дара церан бIаьргаш, дегнаш... Вайн цIахь хиллачу къизачу тIемашна дуьхьал дукха митингаш, акцеш лаьттира цхьана муьрехь, делахь а, тховса хIокху зала чохь хIара илли санна тIаме цабезам а, Даймахке безам а гойту «гIаттам» гина бацара цхьанххьа а. Концерт дIаязъеш камера караэцна къахьоьгуш воллучу оьрсийн операторан беснеш тIехула а керчира, сан лаьттан къина хьаьвдда бIаьрхиш... Иштта хуьлуш хилла-кх дай оьзда баьхначу кIентийн цхьана иллин ницкъ а! «Нохчийн халкъ цIадерзочу, деллачуьра денлучу, юхаметтахIуттучу муьрехь, коьрта тIехула тхов бале хьалха, дайша шайн беллачийн кешнийн баьрзнаш цIандечу дийнахь кхолладелла дара «Сан Даймохк» а, и тайпа кхидолу иллеш а»,«аьллера Бисултанов Аптис Дикаев Мохьмадан дешнашна тIехь даьккхинчу оцу иллин хьокъехь. Шеко а йоцуш, ладогIа кIентий мел бу дехар долуш, тоьлла илли ду иза. Ткъа вуьшта, даима дагахьбаламца дуьсуш дерг кхин хаттарш дара: мила ву техьа оццул нохчийн марзонца, чомаца оцу иллин мукъам баьккхина волу композитор, автор? Халкъана хIунда ца вевза иза? И цхьаъ доцург кхин иллеш доцуш а хилла хир ма вац иза? Йовзаза юьсур ю техьа цуьнан цIе? И санна болу мукъам муьлх-муьлххачу даг чу ма ца боссабо Дала.
Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы. Сари Габор
|
|
| |
Зезаг | Дата: Вторник, 30-Июн-09, 14:51 | Сообщение # 2 |
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
| Махках яьккхина бералла Шела шахьарехь дехачу Iалавдин а, МинигIазан а цхьаъ бен воцу доьзалхо вара иллин автор Ганаев Олхазар. Иза вина 1939-чу шарахь 28-чу мартехь. Шен пхи шо долуш деца-ненаца генарчу Казахстане 13 шо хан яккха хьажийра иза. «Чили» станцехь дIаелира цуьнан бералла. Олхазаран да Iалавди латтаца къахьегар а, хьанал вахар а дезаш бусалба нохчо вара. Шаьш дехачу колхозехь ялташ кхиош болх бора цо. ХIетахь машенца я тракторца рицкъ даккха аьтто хилар наггахь бен ца нислора. Дуккха а нахана дагайогIу хир ю «ХТЗ» олу чкъургашна тIехь кIомсарш йолу Харьков гIаларчу тракторийн заводера трактор. Ишттачу цхьана тракторна тIехь болх беш Iалавди а вара. Дас шеца оханан аренашка вуьгуш, улле воккхий, лелавора шен жима кIант. Шен дас лелочун терго еш, цуьнан даима къахьега дезар дагах кхеташ, яккхийчу ойланаша жима дог дIалоций, шен дена уллехь трактор тIехь Iара иза. Дешна цахилар дуьне хала даар дуйла хууш волчу Iалавдина шен кIанта дика доьшийла лаьара. Чилерчу ишколе деша вохуьйту кIант. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна ишколехь массеран а тидам боьдий, шен хааршца къаьсташ хуьлу кIант. Нанас МинигIаза даима а хаза кечвой, цIена духар духий, хьажаво иза ишколе. Артистана санна къегина лелар дезара цунна. Шен дас Даймахке сагатделча, назманаш олуш йогIу суьйренаш а езара цунна... Чилехь I0 класс кхиамца чекх а йоккхий, Москварчу Сеченевн цIарах йолчу медицински институте деша воьду Олхазар, амма дешаран ши шо дIадолучу хенахь нохчашна цIабахка бакъо йолий. Шела цIадоьрзу цуьнан да-нана а. Уьш кхоьрура шаьш шайн цхьаъ бен воцучу кIантах а бевлла, цхьалха къанбаларна. Нохчийчу цIа кхойкху цара шайн кIант. Институт дIа а тосий, цIавоьрзу иза. Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан историко-филологически факультете деша хIутту 1961-чу шарахь. Шелара «студент-француз» Ганаев Олхазар гIараваьлла вевзаш студент вара 60-чу шерашкахь. Цунна ца хууш, цо ца лелош хIума дацара. Дешаран шерашкахь бевзира цунна поэт Дикаев Мохьмад, тахана Нохчийн Республикан яздархойн Союзан правленин председатель волу Мамакаев Эдуард, профессор Туркаев Хьасан, публицист Нашхоев Мурад, Супаев Руслан. Ткъа царна хьоьхуш бара къомах доглозуш болу къонахий, бакъболу патриоташ Музаев Нурди, Мальсагов Дошлукъа, Ошаев Халид, иштта дуккха а кхиберш. Къаьсттина Музаев Нурдица дара цуьнан гергарло, ерриг а Соьлжа-ГIалахь бохург санна юьйцуш хуьлура цаьршиннан забарш. Олхазарна карабирзина болх бара шена мел гинчух лелар. Забаре, комаьрша, адам дезаш стаг вара иза. Цуьнан накъост а, цхьанакурсахо а хиллачу Нашхоев Мурада дагалоьцу: «Iуьйранна дара иза. Нурди вара хьалхара урок яла ван везаш. Цуьнан метта, кафедри тIе хьала а ваьлла, куьг ген-гена дIаса а даржош дIахIоьттира Олхазар. Юха, кисанара гIайбин чкъуьйриг санна долу доккха йовлакх схьадаьккхина, мерах а хьаькхна, хьовзийна, хьовзийна доккхачу кисана чу а диллина, Нурдех лела вуьйлира: «Чеченски гуруппа в Москве это Вам не Суэцки канал, который захотел открыл, захотел закрыл...». ГIадбахана боьлу студенташ тапъаьлла дIатийра, айавеллачохь Олхазар а вуьтуш. НеIарехь лаьтташ Нурди вара. Цунна хезаш хиллера Олхазар. Кхин ала хIума ца хилла: «Ганайов! Натурални Iартист ву-кх хьо, Iартист»,«элира Нурдис. (Ткъа «чеченски группа в Москве» бохург, иза дуьххьара ГИТИСе деша яхана нохчийн актерийн группа яра, цхьацца бахьанашца цигарчу кхечу студентех летта аьлла, Iедална дIа а хезна, дIакъевлина Нохчийчу юхахьажор ю аьлла хабар даьлла). Цхьана а стагаца девне вацара Олхазар. Забар яра цуьнца даима а лела накъост. Дешарна тIехь мало йоцуш, похIма долу студент вара иза, амма шена дош ца хетарг тIехдалийта а хаьара цунна... Кхана Нурдина дIаяла езаш экзамен яра. Де а самукъа ца долуш, киншка дIасакегийна, дIавижар гIолехь хетта, юьстах дехкира тептарш. Iуьйранна, ша гоьнна кIел шунаш дуьхь-дуьхьал нисдеш, лерина дIайиллина хеча, ито хьаькхча санна шаръелла йолу, схьа а эцна, паччахьан эпсаран санна, къегина крем тухуш лелош йолу мачаш юьйхина экзамен яла институте ваха новкъа ваьллера хIара... МоггIара хоттуш, Олхазарна тIекхечира рагI. Дукха лерина аз а, дегI а тодина, хьалагIаьттина, схьадийца волавелира: «Нурди, и хьан тIаьххьара араяьлла киншка нийсса кхузза ма йийшира ас. Лермонтовн а, Пушкинан а белхашца цхьанамогIаре юьллур яр-кх ас иза». Нурдис: «Схьаял и «хIума»«элира («хIума»«иза зачетни киншка яра цуьнан). Олхазар шен «5» диллина киншка а эцна, кабинет чуьра ара ваьллий-валазий воллуш, Нурдис Олхазаре хаьттира: «Ганайов! Ой, ткъа кхузза мукъане а хIунда йийшира ахь и сан киншка?». Олхазара, доккха са а даьккхина, элира: «Дера йийшира, сел адам-да кхетар воцуш, оццул чолхе муха язйийр яра бохуш, цецвуьйлуш, оьгIаз оьхуш». Студентийн шерашкахь дукха тIеIаткъам хилира Олхазаран дог-ойла кхиарна. Ша йиша-ваша доцуш хиларе терра, даима а нах безаш, ша дIакхаьчна чохь шена йиша-ваша дан хууш вара иза. Ша вевзачарна самукъадолуш, хIуманан гIайгIа йоцуш, ирсе стаг ву а моьттуш, кийрахь даима а дог тийжаш илланча вара иза. Димаев Iумаран мукъамех цуьнан синна кхача хуьлура. Нохчийн иллийн орам бевзачарех хилла болчу Магомедов Султанах, Буркаев Мовладах, Цицкиев Идрисах вара Олхазар. Дикаев Мохьмад вара цуьнан деган накъост. Нохчийн халкъан иллеш а хилла девзира оцу шина доттагIчун цIеначу дог-ойланах кхолладелла долу иллеш. Дикаевн дешнаш, Ганаевн болу мукъам, хIара илли а хийланна хезна хир ду. Тхан юьртахь тийна ду, Наб яйна со цхьаъ ву, Лерина лоьхуш, Ца гарна кхоьруш, Сахиллалц леларх, кIад ца луш Ас лоьхург мила ю? Ала соьга, Сирла седа, Ирсах хьоьгуш, Ас лоьхург мила ю?
Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы. Сари Габор
|
|
| |
Зезаг | Дата: Вторник, 30-Июн-09, 14:52 | Сообщение # 3 |
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
| Ганаев Олхазар нохчийн мотт, наха бийца ца бешаш, куралла ечу хенахь а, иза баьрчехь кхаьбначарех вара. Цунна иза хаьара, цо даима хаза а буьйцура иза. Нохчалла — иза бакъволчу къонахчун даг тIе цкъа кхаьчначул тIаьхьа, ша валлалц тоьаш ю кхаба. Цхьа де, цхьа дош я цхьа кхиверг дош хетий, волу муьлхха а стаг къонахчун новкъа. Иштта цхьана дийнахь, цхьаьннан дош дош долчу дийнахь, гучуволу илланча я тIемало. Мамакаев Мохьмада, ша Икаркера цIавирзинчул тIаьхьа, 1956-чу шарахь Москвахь дина хилла къамел студенташа, кегийнаха кар-кара оьцуш, мехала хеташ лелош дара 60-чу шерашкахь. Къайлах доьшуш, цуьнан къамел тIехь долу тептарш дара студенташкахь. Сел забаре волчу Олхазаран а, Дикаев Мохьмадан а бIаьргех хи даьккхира Мамакаев Мохьмадан хабаран чулацамо. Иштта оцу шина доттагIчун кхоллараллина тIеIаткъам бира халонаш, баланаш Iаьвшинчу яздархочун дагардийцаро. Олхазарх композитор а, Мохьмадах поэт а хилира цхьана дийнахь. ЛадугIу йиш лакха хууш вара Олхазар. Цхьана а кепара музыкальни дешар дешна воццушехь, цунна карадирзинера дечиг-пондарна, кехат-пондарна тIера рояль, пианино, бист кхаччалц долу пондарш. Иштта забаренна дIаькхча санна нисделира Окуев Шимин дешнаш тIехь, Шела шахьарх лаьцна долу илли: «Шела«шера аре хьосту ас лоре, цу лаьмнийн лулахь, даима дагна уллехь». Амма бакъду, дукхахболу илланчаш, композиторш шайн къоман хотIах боьхна хьийзачу хенахь, Советан Iедалан, низамца догIу иллеш, мукъамаш шех дIахердора цо. Iедало цкъа а цхьа а совгIат дина вацара иза композитор санна. Иза студент волу хан яра иза. Цхьана суьйранна карара ахча дIадаьлла, юург-мерг хаьдда хилла цуьнан. Ойланаш еш Iашшехь, Сибрех вайнаха мацаллий, шелой лайна хан карлаяьлла цунна. Цхьа кхунна цкъа а хезна боцу мукъам балош белха хIоьттина кхуьнан карара дечиг-пондар. Эццахь тIекхаьчначу Дикаев Мохьмада дехар дина и мукъам биц ца беш юх-юха алар. Оцу мукъамна лерина байташ дохьуш юхавеана Мохьмад. Иштта кхолладелла и илли. Обкоман цхьана рогIерчу собранехь дIааьлла и илли дуьххьара. Шен керла илли ду иза аьллера Олхазара. ДIааьлла ваьлча тийналла хIоьттира, цхьа а стаг шена хеттарг гайта ца ваьхьаш. Обкоман хьалхара секретарь волчу Алмазовс хаьттина, муха илли дара иза аьлла. Цунна уллехь хиъна Iийначу Гайрбековс шега «отличная песня» аьлча тIараш тоьхна Алмазовс, тIаккха цунна тIаьххьара зал чохь болчу массара а. «Коммунистийн дехаршца» аьлла кхин цкъа а дIаалийтира «Сан Даймохк» илли.Советан Iедалан хенахь а «Сан Даймохк» бохучу иллино дог самадоккхура ша махках а, маттах а дIакъаьстина ваьлла аьлла хетачун. Iедалан балхахь болчара зударшка корталеш охьадаха деза аьлла политика йолийча, чIогIа беламе доккхура цо, велалора иза шен кийрара белхар ца хазийтархьама, амма республикан баккхийчу хьаькамийн бIаьргаш Iовжадора цуьнан иллеша. Йовлакхан, куйнан меттигаш хийца яьхча, вайн къомах хиндерг ма-дарра гуш волчу цо муьлххачу а хьаькмашка юьхьдуьхьал олура вайх хила доллург, ткъа цара шаьш ца кхета кеп ялайой: «Иштта ша цхьа Iовдал вара хIара-м тхан»,«олий, йойура цуьнан бакъдолчун къахьалла. Iедале эцавелла стаг вацара иза, ткъа цо а дора цуьнан кара ца ваха хIуъа а. Олхазарна безаш нах бара поэт Рашидов ШахIид, артисташ а, актераш а Дудаев Муса, Багалова Зулай, илланчаш, артисташ Дагаев Валид, Эдисултанов ШитIа. Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхарехь, ГIалгIайчохь, Кавказан кхечу республикашкахь хуьлура иза шен концерташца. Дукха пластинкаш араевлира Ганаевн иллеш яздина. Вайна ма-хаъара тахана Нохчийн Республикан пачхьалкхан радион фонотекехь тIом бахьанехь ларъелла яц уьш. Бакъду цо гастролаш еллачу луларчу республикашкахь радион фондашкахь, филармонешкахь каро там болуш яра цуьнан башха аз, исбаьхьа локху дечиг-пондар хаза йиш йолу пластинкаш. 70-чу шерашкахь Ганаев Олхазар цIеяххана вевзаш артист вара. Иза дагавогIучара билгалдоккхура цунах лаьцна шаьш тидам бинарг«Олхазар санна тамехь кечвелла, цIена лелаш стаг дуьнен чохь а наггахь бен карор вацара. Юьртахь догIано дашийначу гIашлойн некъашкахула эткаш юьйхина бен ваха-ван хIуттур воцучу дийнахь, цуьнан мачин айраш, лаьтта ца вуссуш лелаш волуш санна, цIена хуьлура. «Шелара француз» олура цунах. Ткъа иза иштта оьзда лелийнарг цуьнан накъост, хIусамнана Малика яра.
Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы. Сари Габор
|
|
| |
Зезаг | Дата: Вторник, 30-Июн-09, 14:53 | Сообщение # 4 |
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
| Цуьнан хIусам а, доьзал а Шела шахьарна уллехь Iуьллу жима юрт ю Эвтара. ВорхI вешин йиша Малика шен девешин йоIаца Кхокхица Шела базара еанера шайна цхьацца сал-пал эца дагахь. Киночуьра воьссича санна, хаза кечвелла жима стаг вайра цунна. «Хьажал, хIара ву хьуна и тхан Ганаев», — аьлла, вовзийтира иза Маликина. Уьш дIасакъаьстинчул тIаьхьа ши бутт белира Шелара Эвтара боьду некъ иза буьстина ца волуш. 1971-чу шеран 13-чу январехь цхьа метр лекха луо диллинера Шелахь. ГанаевгIеран уьйтIахь долу луо новкъа хеташ, иза дIадоккхуш доллура нускал... Иштта, шен цхьа а йиша-ваша доцуш, ша гIийла хеттачу Олхазаран хIусамнана хилира ворхI вешин цхьаъ бен йоцчу йишех. Олхазара цIечу дипломца чекхъяьккхира институт. Шеларчу №1 йолчу ишколера дIаболийра цо шен къинхьегаман некъ. Ткъа 1970-чу шарера дуьйна №9 йолчу ишколехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш Iийра иза. Оццу хенахь Шелан кIоштан газетехь болх беш а вара иза. ПетIамат а, Амнат а цIерш йолу ши йоI кхиира Олхазаран а, Маликин а. ПетIамат 4 шо долуш яхара хьалхарчу классе деша. Юха, Махачкалара лоьрийн институт яьккхира. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу нанойн а, берийн а центрехь лоьран болх беш ю, ткъа Амнат хIусамнана ю. Маликас дагалоьцу шен хIусамда Олхазар: «ХIара дуьне хIумма а йоций шен хеначохь хиъна стаг вара иза. Цундела дуьненан хIуманан пусар дина, дош хетта вацара. Даима а хьеший лаьттара тхан хIусамехь. ХIетахь тахана санна аьттонаш бацара. Газ яцара Шелахь, амма цкъа а цуьнан накъостий бахкарх бовха кхача ца хIоттош Iийна дацара тхо. Хуьйцуш юхуш 9-10 тайпа костом-хечий, мачаш яра цуьнан. Шен накъостех, хьешех ша дIахаьдча ша а, шен хIусам а лийр ю моьттуш хуьлура иза. Де-буьйса хьесап ца дора цо хьошалгIа ваха. Буьйсанна сахьт, я шиъ даьлла хан елахь а, «дехкан лерггал нитташ хьалакъедда боху, уьш баа доьлху вай»,«олий шен накъостий а оьций, мел гена юьрта а хьошалгIа ваха новкъа волура иза. Цуьнан забарех ца кхеташ верг бала а хуьлий лелара. 1975-чу шарахь дара бохуш ю-кх со иза. Ленинграде сакъера ваханера иза, шегара ахча чекхдаьлча, соьга телеграмма яийтинера: «Операция «краснуха» провалилась, прошу Вас выслать мне деньги»,«аьлла. Деана Iедал хьаьвзира тхан керта, «краснуха» бохург хIун пароль яра шун хоьттуш. Иза вевзарг уьйтIа гулвелча, бIаьргех хиш дуьйлуш, боьлура тхан лулахой, гергара нах. КIант вац аьлла, тхайна атта ца дехаш, керла цIенош дира оха. Иза цуьнан дог-ойла ца йожийта, суна дан лиънарг дара. 1994-чу шарахь дина девлира цIенош. Доккха зуькар дайтина, тхаьш керла, деха дахар дIадолийча санна, девлира тхо царна чу. Делахь а, самукъадолуш вацара иза. Цхьана суьйранна, учахь йолчу терхина тIетевжина, куьйга корта а лаьцна, гIийла Iаш карийра суна иза. «Хьол хьалха вер ву-кх со дуьнен чуьра дIа. Суна санна хьан мах хууш, хьуна гонаха буьсур болчарех цхьа а ца хаьа суна». Цо забар ца йина дуьххьара суьйре яра иза...». Дагахь доцу тIом гIаьттира Нохчийчохь. Шела яссаеллера. Ирча беттанаш, денош даьхкира. Лула-кулара жIаьлеш доцурш кхин хезаш адамаш доцуш, адамийн къелла хIоьттира юьртахь. Цаьргара хьал-де хаа дагахь Эвтарара Маликин ваша Iайнди веанера оцу дийнахь. Юучунна гIайгIа беш, дIасауьдуш йоллура Малика, юха и шиъ Iаччуьра кхуьнан лерса, бIаьрса юкъах доккхуш, гIовгIа елира. Сихделла хьаьвзира дуьне, Маликина сихделла, ткъа цаьршинна иза сецна хиллера... Чу кхеттачу йоккхачу тоьпах велла Iуьллуш карийра Маликин шен ваша а, цIийнда а. 1995-чу шеран 24-чу мартехь дара иза. Иштта ваьхна вара композитор, илланча, патриот волу Ганаев Олхазар. Ваьхнера... Амма иза вала волавелла дукха хан яра. 90-чу шерийн юьххьехь дуьйна, хала деттадала дуьйлира цуьнан дог, нохчочо нохчочунна тIе куьг кховдо долийча дуьйна. Малх шелбелла, нур кхоьлина Даймохк цунна кхин ца лепара...
Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы. Сари Габор
|
|
| |
irishechkazlobina | Дата: Вторник, 04-Июн-24, 19:35 | Сообщение # 5 |
Новичок
Группа: Пользователи
Сообщений: 2
Статус: Offline
| Концерт дIаязъеш камера караэцна къахьоьгуш воллучу оьрсийн операторан беснеш тIехула а керчира, сан лаьттан къина хьаьвдда бIаьрхиш...
|
|
| |
|