Байташ
| |
Sintem | Дата: Воскресенье, 28-Июн-09, 23:59 | Сообщение # 1 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| Яр тема схьа йоьллуш,суна Апти Бисултанови "Раг1у" аьлла байтц йола ян лаьъар. Иштта и раг1унаш дукх вай дегнашкахь дехаш,вай дегнаш марзонца 1овжош. Раг1у. Дирзина мехашна аг1ор Дерзина лаьтта цхьа раг1у Суна мел безначу нехан Аьзнаш шен тхов к1елахь дехаш... Д1адовлий д1адоьлху мехаш, Схьадовлий схьадог1у мехаш, Яржаеш б1аьрлаг1аш, нехаш, Дагарадийцарехь дехаш Дирзина заманна аг1ор, Чекх са гуш, лаьтташ ду раг1у, Суна мел безначу нехан Ц1ераш шен тхов к1елахь йехаш Д1айоьлий д1айоьду зама, Схьайог1ий схьайог1у зама, Кегаеш уппаг1аш, амалш, Кегадеш 1ожаллин г1ама... Ткъа раг1у-м лаьтташ ду, раг1у, Мехашна, заманна аг1ор, Суна мел безначу нехан До1анаш тхов к1елахь дехаш. Некъ а бац т1ебог1уш цхьа а, Не1 а яц т1екъовлуш цхьа а, Х1усам яц - хьаша ца кхойкху, Маьждиг дац - молла ца кхойкху. Ткъа раг1у-м лаьтташ ду, раг1у, Чекх са гуш массо а аг1ор, Суна мел безначу нехан Ц1ераш шен тхов к1елахь ехаш. Ишта ю со вина петар, Со ваьхна, со вайна четар, Со суо а цуьнан цхьа аз ду, Цхьа чов, цхьа г1айг1ане арз ду. Апти Бисултанов.
|
|
| |
Sintem | Дата: Понедельник, 29-Июн-09, 00:08 | Сообщение # 2 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| Ас лазам алий хьох, Дахар? Оьг1азло-м йийр яц ахь суна? Ас Iийжам алий хьох, Дахар? Дог догу. Ницкъ лохьа суна. Ас Туьйра алий хьох, Дахар? Сийначу геналлехь д1адай сан туьйра. Хазалла алий хьох Дахар? Ахь к1иллой бийр баций декъал? …Х1ун ала ас хьох, х1ун ала? Сел мерза, сел къаьхьа туьйра Бана Гайтукаева
|
|
| |
Sintem | Дата: Понедельник, 29-Июн-09, 00:11 | Сообщение # 3 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| Ма деха дара и 1а, Б1аьсте цо х1аллак ма йира, Гуьйре цо 1ана ма йира, Ма деха дара и 1а. Ма деха дара и 1а, Хьаькхча шен мохь хезар боцуш, Орца т1е хьада стаг воцуш, Дуьненчохь адамаш доцуш. Ма буьрса дара и 1а, Цхьа дахарш халбата ховшош, Хьарамдеш ирс довза лаар, Дуьненан къайленаш хаар. Ма деха дара и 1а, Б1аьсте цо х1аллак ма йина, Гуьйре цо 1ана ма йина, И ша а г1ора ма дина... Хеда Батаева
|
|
| |
Sintem | Дата: Пятница, 03-Июл-09, 23:11 | Сообщение # 4 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| Гур ду вай, гур ду... Ткъа х1инца хилларш ма дийца. Ахь лайнарш балица, ц1ийца Ас кху сайн яь1ни т1е ийци... Гур ду вай, гур ду... Кхачор бу дуьненан хьовзам, Чекхдевлла, долчун хьакъ довззал, Хетарийн, моттарийн ловзарш.... Гур ду вай, гур ду... Вай вовшийн эшо я толо, Кхин некъ ца бисинчохь боло, Цадевзарш санна, т1ехдовла, Гур ду вай, гур ду... И хир ду самах я г1енах: Дуй кхийларх дуьнене Делах, Вайн кхиа х1ума доцччу хенахь... Гур ду вай... Гур ду... Абдулаев Леча
|
|
| |
Sintem | Дата: Пятница, 03-Июл-09, 23:13 | Сообщение # 5 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| Бовхачу безамца Хьайга дог кхийдош, Хьо ца гуш дахна де Кхоьлина хеташ, Мацалла, хьогалла Хьо ёлчохь йицлуш, Хьё езначуьнга ахь Йицье ма ала! Х1ар дуьне дита а Хир ву со реза, Амма со дуьненчохь Мел веха г1оза, Самах а , г1енах а Хьо сайна езар Далхадеш вехар ву: Йицье ма ала! Шалха мотт вайшинна Юкьа ма буьйли, Соьцара хьан безам Шелбелла бели. Сан даго т1аьххьара Хьога мохь эли: Сан безам, соьга хьуо Йицье ма ала! Сан б1архих, сан дуйнех Х1о ма ца кхити, Езар сов мел дели, Со хира хийти. Шелделла т1улган дог Ахь суна гайти, Сан безам,соьга хьуо Йицье ма ала! Сан кийра йижий ахь И 1аьржа буьйса, Вити ахь со хьайга Кьайлах са тийса. Ахь суна дихкина Хьо ёлчу хьйзар, Сан безам, соьга хьуо Йицье ма ала! Ахь алахь кийча ву Лекха лам ахка, Кийча ву хьо лоьхуш Вала а акха, Ма таса вайшинна Юккье ахь мекха, Сан безам, соьга хьуо Йицье ма ала! Реза яц хьо соьца Сан безам бекьа Вехар со валлалца Безаман шовкьехь. Хьаг1 ёцу сан безам Хьанна бу новкьа? Сан безам , соьга хьуо Йицье ма ала! Валлалц хьо йицьян Хир вац со реза, Хьуна со цавезарх, Суна хьо еза. Вайшиннан метта хьо Ехийла г1оза, Сан безам, соьга хьуо Йицье ма ала! Ахьмад Сулейманов.....
|
|
| |
Sintem | Дата: Пятница, 03-Июл-09, 23:13 | Сообщение # 6 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| Весет Вовшийн хила доьг1на доцуш, Дуьне дисар сох хилахь, Хьуо езнариг дагалоцуш, Цкьа сан коше хьо ялалахь. Сох дисина дуьне делхош, Б1аьрхиш охь ма хецалахь. Кьа ца хеташ,дог ца лозуш, Екхалой а х1отталахь. Безам буйцуш байташ язьеш Чурт кхала ма г1ерталахь. "Хьо чекхвели!"-охкуш , яздай, Цхьа акха т1улг бог1алахь. Цу т1улга т1е х1ора сарахь Цх1а олхазар хуьйшур ду.. Безам хестош и декарехь Х1ан дог доьлхуш хезар ду. Вовшийн хила доьг1на доцуш, Дуьне дисар сох хилахь, Хьуо езнариг дагалоцуш, Цкьа сан коше ялалахь. Ахьмад Сулейманов
|
|
| |
Sintem | Дата: Пятница, 03-Июл-09, 23:22 | Сообщение # 7 |
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
| * * * ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш, Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов. Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш, Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча, Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц. Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча, Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте, Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай… Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий, Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай…. 1илман Юсупов
|
|
| |
fridafree1984 | Дата: Вторник, 28-Янв-25, 18:29 | Сообщение # 8 |
Новичок
Группа: Пользователи
Сообщений: 16
Статус: Offline
| Лучший сайт для тех, кто хочет читать онлайн книги бесплатно! https://knigoguru.net/ предлагает огромный выбор романов, фантастики и фэнтези. Влюбилась в этот ресурс с первой прочитанной страницы!
|
|
| |
|