В гостях  у   Ясмины
[ Личные сообщения() · Новые сообщения · Участники · Правила форума · Поиск · RSS ]
  • Страница 1 из 1
  • 1
Форум » Нохчийн мотт » Чеченский фольклор » Кицанаш
Кицанаш
SintemДата: Понедельник, 29-Июн-09, 17:06 | Сообщение # 1
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
1. БИИ КУОГ боллушиехьа говр а йолу гал.

2. Бух боцу шелиг хих дузур дац.

3. Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул.

4. Валарах кхоьруш воцург лийр вац.

5. Вираца лаьттина эса вирах 1аьхна.

 
SintemДата: Понедельник, 29-Июн-09, 17:08 | Сообщение # 2
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
Саргах ца бина х1оз г1ожух хир бац.

Т1ам бойна леча ламанца тарлуш дац.

Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар.

. Хийистехь вехачунна хин гечо девза.

Хьера йиллале, к1арк1ар йиллина.

Цамгар, йог1уш, не1арх йог1у, йоьдуш, механ 1уьргах йоьду.

Сообщение отредактировал Sintem - Понедельник, 29-Июн-09, 17:08
 
SintemДата: Понедельник, 29-Июн-09, 17:09 | Сообщение # 3
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо.

Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна.

Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу.

Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна.

Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна.

Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду.

Шен ц1а - ц1ен ц1а.

Сообщение отредактировал Sintem - Понедельник, 29-Июн-09, 17:10
 
SintemДата: Понедельник, 29-Июн-09, 17:12 | Сообщение # 4
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
Ваша ваша ву, эшначу меттехь хьалха х1уттуш велахь.

Ваша воцу йиша - 1индаг1.

Вежарийн безам - т1улгал а ч1ог1а бу.

Дений-нанний муьт1ахь боцу доьзал - гергара мостаг1.

Дика доьзал кхиънарг нахалахь корта лекха хир ву.

Доьзал дика - беркат дукха.

Лела ца хиъна нускал, олла баьхьна яй санна, духадеъна.

Марцхошца къийсина нус ц1ийнах яьлла.

Несана хьекхийна цергаш к1антана яхна.

Нуц валар - арахьара вон, нус ялар - чоьхьара вон.

 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 17:41 | Сообщение # 5
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Котам а хилла вехачул, н1аьна а хилла велча тоьлу

Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу.

Кхана хуттур аьлла г1елан ц1ога хоттаза диена.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
SintemДата: Понедельник, 29-Июн-09, 21:34 | Сообщение # 6
Cупермодератор
Группа: Модераторы
Сообщений: 164
Статус: Offline
Майрачун ирс хьуьнарца, зудчун ирс берашца.—Счастье мужчины — в подвиге, а счастье женщины — в детях.

Майра чекхваьллачухула зуда а чекхйолу. — Где проходят муж, там пройдет и жена.

Майрачо йовха х1ума йиъча, зуда елаелла.—Когда муж горячее покушал, жена засмеялась.

Малх хьаьж-хьаьжначу xly таса, xly тес-тесначу lиндаг1 х1уттур ду хьуна. — Куда взглянет солнце,брось семя, там, где бросишь семя, будет тень.

Малхо ца дина нур латто дийр дац.

Маккхал т1ехиъна колл а маьрша яц лурвоьллачу стагана.

Марнаний, нуссий цхьана гомачу п1ендах йина.

Махко ваьккхинарг дийна висна, махках ваьлларг вайна.

Маха леллачухула тай а лела.

 
ЗезагДата: Четверг, 02-Июл-09, 12:50 | Сообщение # 7
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
зудчунна хьекъал-пхьидан ц1огнал....) biggrin

Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
Форум » Нохчийн мотт » Чеченский фольклор » Кицанаш
  • Страница 1 из 1
  • 1
Поиск:

Jasmina.at.ua All Rights reserved  © 2024 Сделать бесплатный сайт с uCoz