В гостях  у   Ясмины
[ Личные сообщения() · Новые сообщения · Участники · Правила форума · Поиск · RSS ]
  • Страница 1 из 1
  • 1
Форум » Даймохк-Нана » Культуран хазна » ТІаьхьабисина хастам (Гайтукаева Банин 50 шо кхачарна лерина)
ТІаьхьабисина хастам
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:05 | Сообщение # 1
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Цхьа ши мур богІу-кх хІора адаман дахарехь, цуьнга ша-шен дола ца далуш. Хьо жима волуш, кхечара аганахь тахко везаш хуьлу хьо, ткъа велча, кхечарна бармахь айба вуьсуш ву хьо...

Аганара болийна некъ бармана уллехь хедаш бу. Оцу некъан цІе Дахар, Кхоллам, Азалла ю. Ткъа и некъ муха бан беза? Ваха муха веза? Муха веза вала? Дера веза, дуьххьара хьо дуьнен чу ваьлча, хьох воккхавеш техкийна долу хьан ага санна, хьо велча хьайн лоцу барма цхьана а дена дегаза айба ца дезаш, оьзда, хаза, ийманехь ваьхна чекхвала. Диканиг, оьзданиг шен цхьана доьзална, хІусамна велла ца Іа. Иза шен юьртана а, махкана а ле. Иштта баьхна, вайна юккъера бакъдуьнена бирзинчу вайн йижарех цхьаъ яра шен сица, маттаца, ойланца шатайпа поэт хилла йолу Гайтукаева Бана.

Иза яьхнера вайх хІора а шен йиша-ваша хилла ган лууш. Шен доцачу дахаран хІора де, Делан дуьхьа, къоман дуьхьа закатна декъна кхачаелла яйра иза.

Тамашийна нисло-кх хьуна дахарехь, цкъацца, дуьнен чохь хьо хилар хьайна гонахачарна гайтархьама, хІара дуьне а дуьтуш, дІаваха везаш хуьлу-кх...

Гайтукаева Бана – бакъйолу нохчи, оьзда йоІ дукха ца яьхна вайна.

Хьенан, мила яра иза, нохчийн муьлххачу а юьрто дозалла далла яхь, къонахалла шеца хилла йоІ?

Гайтукаева Бана дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран 23-чу февралехь ТІехьа-Мартан кІоштан ВаларгтІе юьртахь. Гайтукаев Мустафан а, Розин а бархІ доьзалхочух цхьаъ яра Бана.

Нохчийн а, гІалгІайн а халкъаш махках даьхна де дара иза йина 23-гІа февраль. Цуьнан дІаялар, аьлча а, Дала иза дІайигар, нисделира вайн къомана тІе боккха бохам тІекерчинчу – 1994-чу шеран 18-чу мартехь. (Кхул хьалха массанхьа а зорбанехь харц терахь ду цуьнан кхалхаран хьокъехь). Карарчу 2009-чу шеран 23-чу февралехь 50 шо кхочур дара цуьнан, амма кхача ларийнарг 35 шо бен дацара... Йина де карладаларал а сов, тахана нохчийн къоман оьздангаллах лаьцна вай мелла а алсам дийца даьккхинчу юкъана боккхачу дагахьбалламца карлаюьйлу иза. Ша евзинчарна ша езийта хаарна, ойланаш, дагалецамаш цІена бисна цунах. Цунна дезнарг, цо сатийсинарг, хаддаза шен кхоллараллехь кхайкхинарг: ийман-ислам, нохчалла-къонахалла, тахана Нохчийн махка цІедерзо гІерташ вай хьийзачу дийнахь : «ХІинца ду хьуна тхо ахь хІетахь, дуккха а хьалха тхайга баьхнарг хезаш», – олуш цкъа бина а, шен хастам бан вайца яц иза.

ТІаьхьабисина хастам... Шен хеннахь вай цунах ца бина хастам...


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:05 | Сообщение # 2
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Дахаран гІулчаш

1966-чу шеран 1-чу сентябрехь яхара иза ВаларгтІерачу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша.

1976-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хІоьттира. Цигахь киншкашна юккъехь карадора цунна шен синан хьогалла йойъу ирс. Йоккха марзо оьцура нохчийн маттахь киншкаш йоьшуш. Къайлаха сатуьйсура шех университетан студент хила тарлучу дийнах.

1986-чу шарахь рицкъ хилира Банин нохчийн пачхьалкхан университетан къоман отделене деша яха.

1991-чу шарахь очни доьшуш чекхъяьккхира иза. Цхьана шарахь ша дешначу университетехь болх а бира. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Союзе тІеийцира Бана.

Нохчийн мотт безаро ирхенаш яха ницкъ луш буцура кхолламо цуьнан дахаран некъ. Радио – иза яра цунна чІогІа езаш. Къаьсттина нохчийн маттахь кечъеш йолу передачаш, кІирандийнахь хуьлуш йолу «Шун дехаршца хІоттийна концерт» боху эфиран хан. «Океан» олучу туьканна уллехь яра хІетахь вайн радио. Халахетарш, хазахетарш девзаш болх бо цо цигахь.

Нохчийн халкъан кхолламехь хала даьхкира 90-гІа шераш. Дайх а, Делах а дІахаьддачу наха бале лецира вайн жима мохк. Халкъ дийкъира, ткъа декъна бевлча кхин а атта дакъаза а даьккхира. Цхьаболчу нахана галешкахь тІеоьхура атта соьмаш, ткъа вуьйш пачхьалкх «тІедиллина» ян дІахІиттийра. (Дукхахболчарна дагайогІу беттанашкахь, шерашкахь алапаш ца оьцуш белхаш бина зама).

Иштта, далаза масех бутт баьлла долу шен алапа схьаэцна, Дзержински урамехула шен накъосташца йогІуш хилла цхьана дийнахь Бана. ГІийла пондар озош, сагІа доьхуш Іачу воккхачу стагах бІаьрг кхетта Банин. Хийрачу махкахь 13 шарахь ца дехна сагІа, тахана шен цІахь деха дезар тІехІоьттина йиш йоьхначу стагах къахетта хьаьвзина иза. Къахетар кІезиг ала догІуш, доккха эхь хетта шена гуш долчу суьртах. Жимма соцунгІа хилла, шеха-а сиха дехар дина Банас: «Ас сайгара хІара ахча хьайна дІаделча, хІокху пондаран сий ца дойуш, хьайн цІа гІур варий хьо, воккха стаг?», – аьлла. Керла пачхьалкх кхуллу бохуш гІевттинчу хьарамчу нехан политика ца езара цунна. Тахана а Иорданехь вехаш волу вайн махкахо, Иорданин Парламентан депутат Іабдул-Бакъи Джамо веара Соьлжа-ГІала. Шена хетарг дуьйцуш, пресс-конференци йира цо. Ша сатийсина ДегІаста шен йоцчу амале, гІиллакхе ерзар ла ца луш волчу цо къамел дира, Іедалан коьртехь берш бехке беш. «Нохчийн махкара хІара ирча сурт ца ган ши бІаьрг боцуш, кхунна тІе ца ван ши ког боцуш хуьлуьйтур вара ас со хІинца. Ма довла дакъаза, иштта ца кхуллу бусалба пачхьалкх», – бохуш, къамел дина халчу хІоьттинчу Іабдул-Бакъис. Пресс-конференци чекхйоллушехь, неІарехь лаьттачу наха хІора а журналистера кассеташ схьаяьхна хилла. Ткъа Банас шен диктофонан кассета хийца а хийцина, шена оьшург, кІелхьараяьккхина, сихха радиокомитете схьакхачийна. Юкъа хан ца юлуьйтуш, эфире даьккхина Джамос дина къамел. Юкъа 20 минот хан а ца йолуш, веана радио схьакхаьчна Яндарбиев Зелимха. Бана балхара дІаяьккхина.

Цул тІаьхьа Ленински районан Берийн кхоллараллин цІийне балха яхара иза.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:06 | Сообщение # 3
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Вешин дагалецамаш

Банин гергарчу нахах къамел хьахаделча, цуьнан йиша-ваша лаха юьйлира со. Нана Роза 2006-чу шарахь Бана йинчу 23-чу февралехь дІаяьлла хилар хиира. Бана шен ешархошна шен кхоллараллица евзинера. Ткъа иза доьзалехь, чохь-арахь муха яра, шен децІенна муха йоІ яра хиира тхуна хІокху деношкахь Банин жимах волчу вешин Гайтукаев Іальвин дагалецамашкара. (Іальви Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь хьоьхуш ву карарчу хенахь). ГайтукаевгІеран 6 вешех Муса, Мовсар кхелхина, ткъа Бислан вайна лоруш ву. Соьлжа-ГІалин Заводской районехь ехаш ю Банин йиша Зоя.

Доьзалехь массарех къаьсташ хилла Бана. Шена лерина хІума доцуш, шех бала хиларна кхоьруш, са оьзда, са сема. Шен гергара, шича-маьхчалахь йолу йоІ маре йоьдуш хилча, цунна оьшу коч-мачан гІайгІа шена тІеузура цо, нагахь санна гергарчийн цІийнара стаг эскарехь велахь, цунна тІаьхьа, юург-мерг вовшахтухий, посылка яхьийта бала кхочург а иза яра.

Бераллин хенахь дуьйна шайн хІусамехь нохчийн мотт буьйцуш хилар доккха ниІмат лорура цо. Буьйцуш берг нохчийн мотт хиларх а, хІусам нохчийн лара кийча яцара иза. Цуьнан кхерчахь шун а нохчийн къоман даарх хІоттийна хила дезаш дара. Іальвис къаьсттина марзонца элира: «Банас чІогІа дика чІепалгаш а дора тхуна, юха сих-сиха сискал а йоуьйтура тхоьга». Цуьнан дог-ойланна, маттана боккха тІеІаткъам, хаза беркат делларг Банин денана Сайхьат яра. Шен дахаран тІаьххьара 13 шо бІарзъелла даьккхира йоккхачу стага. КІентан йоІа, Банас даьккхира цуьнца и 13 шо. Цуьнца юьжуш-гІоттуш, даима цуьнан гІуллакхна дІахІоьттина. Дененан хаза, шира, цІена мотт, сий деш, схьаоьцура Банас. Туьйранаш, дІадевлла бакъдерш, диканаш, вуонаш довза гІерташ ладоьгІура Банас. ГІийланиг алсам лайна карадора шен мискачу къомо. Иза йоьлхура, шен бІаьрхиш ца тоьъча, цунна кхечу кепара елха а Іемира, иза дечиг-пондарца йоьлхура, йоьлура. Кхолларалла кхиа йолало Банин. Байташ, кегий дийцарш, забаре могІанаш хуьлура цуьнан кхоллараллин лорах.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:06 | Сообщение # 4
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Кхоллараллин бІаьвнаш

Цкъа а ша поэт хеташ яцара иза. Шен «монолог» кийрахь язъелча, иза цхьаццанхьа кехатан цуьрга тІе юьллуш Іедал дара. Амма дукхадезаш дара цунна цхьа гІуллакх. Банас дукха лерина Іалашдора кхечу поэтийн байташ тІехь йолу газет я журнал. Масала Лула Кунин цІе карийча, цуьнан хІора зорбане йолу байт, тукарца схьахадайой, гулъеш дІаюьллура. Дуккха а яздархошца (Рашидов ШахІидца, Айдамиров Абузарца...) кехаташ яздеш, гергарло леладора. Ша йовзийта гІерташ, нахана хьалха ца гІертара иза. Делахь а, нохчийн дош, дешан ницкъ, иралла езачарна шайна йовза юьйлира иза. Уггар а сийлахь теманаш Даймохк, Нана, ДоттагІалла, Безам Банин кхоллараллин «синан» баьрччехь ехаш яра. Ша схьаяьллачу къомах, махках дозалла, куралла деш яьхна йоІ яра иза.

Ша йина де, 23-гІа февраль, вайн къомана тІе вуо деана де хилар дицдина ца ехира иза.

Оцу дийнан иштта мах хадийра Банас:

«Со йинчу дийнахь

Марчонна юьхьигаш

ДІатега долало Іалам.

Со йинчу дийнахь

Делха долало тезетахь дахар.

Со а йоьлху цуьнца

Со йинчу дийнахь.

Миэл бала барз боцуш беллачу нехан къа

Сан синна тІедужу

Со йинчу дийнахь.

КъинтІера довлалаш, нийсархой,

Со тойнехь шайца ца Іарна,

Со йинчу дийно

Дуьнен чу а далаза

Хьийзийнчу сан синан мохь

Сан лере кхоьхьу

Со йинчу дийнахь...

Йина де сан дан а дац,

Сан са а дІадоьду,

Дуьнен чу а далале лазийначу

Сан сина де хуьлу

Со йинчу дийнахь...

Той дицдой, миска са

ДІадоьду ГІум-Азе делха

Со йинчу дийнахь...

Йина де-м сан дан а дац,

Амма ду дуьнен чу далаза

Са дийна де...

Поэзи ю цуьнан тІамарх йоьлла. Поэзи ур-аттал цуьнан прозехь а хаало.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:07 | Сообщение # 5
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
«Шуьнехь дош» боху байташ а яра цо вайн халкъ махках даккхарна лерина. Цхьаволу поэт, 10–15 киншка язйича а, кхин дІогара вевзаш ца хуьлу, ткъа Банин иза еллачул тІаьхьа цуьнан накъосташа зорбане яьккхина «Поэзия света» цхьа гулар а тоьар ю цуьнан цІе нохчийн къоман литературехь йисийта.

Муьлххачу а нохчичун, дагах ца кхоьтийла яц Банин, массарна а гергара, хьоме хилла ехар йолу «Хьан цІийнах яра со, Нохчийчоь», «Зама» боху байташ. Гайтукаева Банин поэзи езачарна совгІатана уьш юьззина зорбане йоху оха.

«Хьан яра-кх со...»

Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра.

Нахана дІайийца ворхІе а ден цІе а хилла.

Хьан цІарца яьхна со, Нохчийчоь, хьан цІарца яьхна.

Хьешана хІоттадан комаьрша шун а сан хилла.

Хьан юьхь ас ларйина, сайн эхь-бехк, сайн сий санна,

Къа доцчу сан сина теш хІотта Терк а ду дийна...

Хьайбахахь ягийна, да вийна мостагІа санна!

Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца.

Безам а сан хилла, дуьненал лекха со хІотто,

И тешо са оьзда кІентий а сан новкъахь хилла.

Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто

Бахьана цхьаъ хилла-кх – со ларъян къонахий хилла.

Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,

ХІара дуьне Іададал мохь-цІогІа сайн кийрахь къуьйлуш.

Яхь йолчу сан сица хьагІ лаьцна йилбазан мохо

Доккхачу дуьнен чохь яржийна сан деган аьхкаш...

Хьан къина йилхина, бІаьрхиш а чекхдевлла лекъна.

Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.

Йилбазо чІабанаш лачкъийна, йовлакх а дайна.

Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчиний лаьхьа.

Гой хьуна, къийгаша го бина дІалаьцна стигал?

Царна, ма гома хилла-кх сан гІаргІулийн илли.

Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бІаьвнийн кхерчахь.

Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллехь...


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:07 | Сообщение # 6
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
«Зама»

ХІун до ахь, хІун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Наноша – наналла доьхкинчу дийнахь,

Мехкаршна – цІеналла оьшучу дийнахь,

ХІун до ахь, хІун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Къонахий шайн синойх лечкъачу дийнахь,

Боьрша нах ІиндагІех къехкачу дийнахь,

ХІун до ахь, хІун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Синошна лекхалла оьшучу дийнахь,

ГІиллакхаш соьмашкахь хуьйцучу дийнахь,

И ца ловш тхан лаьмнаш техкачу дийнахь,

ХІун до ахь, хІун до ахь

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:08 | Сообщение # 7
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Нохчийн зудчун сий хьахош хезча, Банин цІе, цуьнан васт дуьхьалхІутту. Жима хан – Іовдала шераш ду олура. Амма Банас хаза, цІена, оьзда аьлла безамах ша олу дош. Тешаман а, ямартлонан а хадо ма-беззара мах хадийна цо.

Масала:

Суна бехк ма билла

Сел чІогІа тешарна хьайха,

Со шозлагІа ягор яц

Кху санна деъначу дийно,

Суна бехк ма билла,

Сан эшам

ЦІена бу хьуна

Хьо къонахчул,

Сан лазам беза бу хьуна

Хьан безамал

Сан тешам лекха бу хьуна

Хьо къонахчул,

Хьан бІаьсте шийла ю хьуна

Сан чилланал.

***

Ас хьох къонах эр дара,

Хьуна хьо бен цхьа а къонах хетахьара,

Я къонах вац эр дара

Дика-вуонехь ахь гІо ца лацахьара.

Ас хьох оьзда стаг эр дара,

Ахь мацвелча ненан мотт ца бицбахьара,

Ас хьох боьха стаг эр дара

Муьлххачу ворданан дена илли ала ца хаахьара.

Хийла йоьІан дагчохь ахь цІе латий,

Везий хиъча юьстах вала Іемаш,

Ас хІун алий яккха те хьан цІе,

Ас хІун алий,

Хьо кхелхича дахар лийр ду моьттург,

Ас хІун алий яккха-те хьан цІе?


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:08 | Сообщение # 8
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Банин байташ зорбане евлира 1981-чу шарахь къоначу поэтийн поэзин «Іуьйренан аьзнаш» цІе йолчу юкъарчу гуларехь. Цуьнан хьалхара гулар «Поэзия света» аьлла йолу, Банин шен байташ а, дийцарш а тІехь долуш зорбане елира 2004-чу шарахь (оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь). Банин накъосташа Эльсанов Ислама, Ялхароева Марема, Исраилова Сацитас къахьийгира иза зорбане йоккхуш. Поэта Лула Кунис («Нана» журналан коьрта редактор), философски ойланца, кІоргера мах хадийра Банин шен «Сестра моя» бохучу дагалецамашкахь.

Лулас яздо: «Цхьаболу поэташ хуьлу шайн дешан мах а, маьІнийн кІоргалла а халкъана шена тІе цхьа бохам беанчу, йиш йоьхначу дийнахь карош.

Бана...

Ийзалуш, шен зудчун эсалаллах эхь хеташ санна яра иза. Нийсса дІа – амма циггахь, жима зудабер санна, цхьаьннан бІаьргийн хьажар шена тІехь сецча, сиха юхуш. Ткъа вайна, цуьнан йозанан накъосташна, бевзачарна, доттагІашна, накъосташна хІун хаьара цунах? Меллалц чу вуьтура цо «шен дуьненчу» вайх верг цхьа а? Йоллу стигал массарна а тІеязъеллачу дуьнен чу?

Цхьаболчарна иза тамашийна хетта хила а тарло...

Делахь а къинойх, хьагІ-гамонах буьззина лелачу нахана мича гур дара поэтан лекха са, доллучу дуьненан лазам шена тІеоьзна, ов детташ долу?

...Гайтукаева Бана, вайн хІораннан а йиша, нохчийн халкъан йоІ, нохчийн мехкан поэт... йиц ца ло иза».

Шен тІаьххьара хиллачу йинчу дийнахь (1994-чу шеран 23-чу февралехь) цІахь, пена тІехь кхозу рузманан агІо схьаяьккхина, цунна тІе «Іаьржа февраль» яздира цо, ткъа бертал ерзийначу агІонна тІехь:

«Кху буса ца кхуьу сан мехкан

бошмашкахь стоьмаш,

кху буса Нохчийчоь шен кийрахь цхьа

къора йоьлху.

Лаьмнаш а дІахІуьтту тезетан

верасаш хуьлий

Кху буса Нохчийчоь со хьан кадаме йогІу».



Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:09 | Сообщение # 9
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
1994-чу шеран март бутт...

Соьлжа-ГІалахь драмтеатран кхерчахь 8-чу мартехь вовшахтоьхна «Шеран тоьлла 10 зуда» аьлла мероприяти яра. Цуьнан сценари Банас язйинера.

Кхин хуьлийла доцуш, шийла дара 1990-чу шарахь дуьйна йовхо ца гина театран пенаш. Оцу шелоно карзахъяьккхира Банин вуьшта а кхачаелла йолу могашалла. 13-чу мартехь Соьлжа-ГІалин №1 йолчу больнице ялийра иза. Цигахь реанимацехь 6 де даьккхира.

Банина доггаха гонах хьийзира лоьраш ВедзижевгІар Русланний, Радимий, Банин деган накъостий Ялхароева Мареммий, Абдулкадырова Мадиний, Багалова Зулайий, Исраилова Сацитий, карарчу хенахь Т1ехьа-Мартан к1оштан библиотекан белхахо Сиванкаева Луиза иштта дуккха а кхиберш.

1994-чу шеран 18-чу мартехь реанимацехь дІаелира Бана...

ВаларгтІе юьртахь Асланбек Шериповн урам чекхбаьлча долалучу кешнашкахь дІайоьллина ю иза. Банас дитина «Кхиэл ехьа суна» боху дийцар - лазам, Іийжам, кхайкхам бу тахана вайн къомах хуьлуш лаьттачуьнга ладогІа аьлла вайна битина. Банин «дуьне» цІена дара, цо иза хІокху къинойх дуьзначу дуьненах ца кхоьтуьйтуш шеца дІа а даьхьира.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
ЗезагДата: Понедельник, 29-Июн-09, 16:20 | Сообщение # 10
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Дала геч дойла Банина!
Дика йо1 яра иза. Ша йолу ц1ина дика йо1 хилла ца 1аш, шен Даймахкана яра иза дика Йо1.
Бана суна дика дага йог1а. Со х1ета суо цхьа жима хеташ, ойланаш меллаъ кхи хилла хир ю сан.)
Эйса язйина байт яди хьой Банина гайта йоьдара, эйса динарг цхьа доккха х1ума хеташ.)
Т1аккха Бана ша сирла адам хиларна и ас язйина байт вуо ю ца олуш готтара со хьастайой, сан дог айдой д1айохитура.
Сирла адам дара Бана. Сирла седа санна яра.
Дала декъала йойла иза!


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
MrSmyteДата: Среда, 01-Июл-09, 22:31 | Сообщение # 11
Новичок
Группа: Пользователи
Сообщений: 5
Статус: Offline
zezag pochemu na etu temu tolko ti i рishesh
drugim che tema ne interesna
 
ЗезагДата: Среда, 01-Июл-09, 23:07 | Сообщение # 12
Супермодератор
Группа: Администраторы
Сообщений: 238
Статус: Offline
Quote (MrSmyte)
zezag pochemu na etu temu tolko ti i рishesh
drugim che tema ne interesna

Марша вог1ийла хьо!
Я создала эту и другие темы, да и не только я именно для обсуждения, что мы и будем делать в процессе нашего общения.
Свои мысли можно высказывать в любой теме и здесь тоже, конечно.


Не спорь с мужчинами — все равно они никогда не бывают правы.
Сари Габор


 
Форум » Даймохк-Нана » Культуран хазна » ТІаьхьабисина хастам (Гайтукаева Банин 50 шо кхачарна лерина)
  • Страница 1 из 1
  • 1
Поиск:

Jasmina.at.ua All Rights reserved  © 2024 Сделать бесплатный сайт с uCoz